ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курдаша исс эскархо вийна Туркойчохь


Туркойчохь Сирнак олучу провинцехь кхерамазаллан ницкъийн гарнизонна тIелатар дина курдийн гIаттамхоша. Цу тасадаларехь цара вийна 9 туркойн эскархо.

Туркойчоьнан къилба-малхбалехь йолчу Сирнак олучу провинцин губернаторо Озкан Вандеттина хаам бина журналисташка, тIемалоша Бейтуссебап олучу тIеман базина тIелатар дина Оршотан буса аьлла.

Курдашна юкъахь а ду дараш. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, цу хиллачу тIематасадаларехь вийна ткъех курдийн гIаттамхо.

Туркойчоьнан къилба-малхбалехь Iедалан ницкъашна а, Курдийн белхан партин тIемалошна а юкъахь къийсам лаьтташ бу 1984-чу шарахь дуьйна. Оцу хенахь дуьйна и бахьана долуш байина бу иттанаш эзарнаш нах.
XS
SM
MD
LG