ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дохко ца яьлла Pussy Riot


Массарна а хезаш, шаьш лелийнарг бахьа долуш къера а хилий, дохко довлар гайта аьлла, Оьрсийчоьнан телевизионан редакцино шайга дина дехар эргIаде хетта шайна аьлла, дIахьедар дина Pussy Riot цIе йолчу панк-тобанан адвокаташа.

Хууш ма-хиллара, цу тобан юкъарчу кхаа йоIанна - Алехина Марияна а, Толоконникова Надеждина а, Самуцевич Екатеринина а - набахьтехь даккха шишша шо хенаш кхайкхийна Москохарчу Хамовнический кхело. Церан адвокато Полозов Николайс Интерфакс-агенталле дIахьедар дина, мехкарша суьдехь аьлла, шайна ала лууш дерг аьлла.

Цо дийцарехь, набахтехь болчу Pussy Riot-ан декъашхоша телепрограммехь дакъа лоцур ду, нагахь царна сценарин план хьалххе йоьвзуш хилахь. КIирандийнахь Толоконникова Надеждас дIахьедар дира, ша дохко яьлла яц, шаьш Москох Христос КIелхьардаккхархочуьн Килсанехь Путин Владимирна дуьхьал акци дIаяхьарна аьлла.
XS
SM
MD
LG