ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтера араяьлла Муртазалиева Зараъ



Тахана набахтера араяьлла Москох «Охотный ряд» олучу йохка-эцаран центрехь теракт ян дагахь хилла аьлла, чуйоьллина йолу Нохчийчура яхархо Муртазалиева Зараъ.

2005-чу шарахь Дечкен-беттан 17-чу дийнахь Москох гIалин суьдо иза бехке йира террроран тIелетарш кечдеш хиларна. 9 шо хан туьйхира цунна кхело. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхело ах шаранна лахйира и хан.

Муртазалиева Зараъ хан токхуш яра Мордовехь номер 13 йолчу зударийн колонехь. Кавказский Узел олучу интернет-агенталло дийцарехь, цунна дуьхьал яханчу The New Times газетан журналисто Светова Зояс дIахьедар дина, «Муртазалиевас набахтехь 8 шо ах шо даьккхина, цхьа а дина зулам а доцуш» аьлла.
XS
SM
MD
LG