Оьрсийчоьнан федералан кхерамзаллин сервисан белхахоша лейина Esquire-журналан корреспондент Рейтер Светлана. Адамийн бакъонашларъярхойн "Агора" вовшахтохаралло дийцарехь, цуьнан бахьана ду стохка Марсхьокху-баттахь журналисто «Кавказские борзые» ("Кавказан эраш") цIе йолу артикл язъяр.
Ма-дарра аьлча, иза ю адамашна тIехь къизаллаш латторна дуьхьал йолчу комитетан гIанттдеца Каляпин Игорера эцна интервью. Цо дуьйцу Нохчийчохь лар йоцуш адамаш довш хиларх лаьцна а, Буданов Юрийх лаьцна а. Каляпина ялайо бакъонашларъярхо Эстемирова Натальян еран шен верси.
Рейтерс Светлана леярх лаьцна официалехь комментареш йина яц Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо.