ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамашкахь толам баьккхина Квебекерчу сепаратисташа


Канадерчу Квебек-провинцехь хиллачу харжамашкахь толам баьккхина меттигерчу сепаратисташа. Цу хьокъехь митинг хилла Монреалехь Шинарийн сарахь, хан яллачу хенахь.

Цу митингехь, герз тоьхна, цхьа стаг вийна, кхин цхьаъ лазийна ву.
Полицино бинчу хаамца, герз тоьхнарг ву 50 шо долу стаг. Иза дIалаьцна Iедалша. И стаг ву Квебекехь къезиг болчу ингалсан мотт буьйцучу бахархойх.

Дийцарехь, иза вуно реза воцуш хилла харжамийн жамIашна. Бохам хилла, харжамашкахь толам баьккхина йолу, сепаратистийн Квебекан партин лидер Моруа Полин митингехь къамел деш а йолуш. Моруас дIахьедар дина, «оьшшучу хенахь» Квебек йозуш йоцу пачхьалкх хиларх лаьцна долу хаттар референдуме дилла кийча ю шайн парти аьлла.

Цу тайпа референдумаш шозза хилла Квебекехь - 1980-чу а, 1995-чу шерашкахь. Амма цу хенахь сепаратистийн агIончийн аьтто ца баьлла тоъал кхаьжнаш гулдан.
XS
SM
MD
LG