Иракъехь шена тΙехь деношкахь вен кхел йинчу, цигахь Саддаман заманахь вице-президент хиллачу ХIашими Тарикъ-Ιазиза ша къайлаваьлла вехачу Туьркойчуьра дΙахьедина, кхело бина сацам политикан бух тΙехь лаьтта, аьлла.
«Ас аьттехьа а тΙе ца оьцу кхайкхийна сацам. Кхойкху иракъхой таханалерчу шиΙатойх а волуш, къам терикъаташка доькъуш волчу ал-Малики Нурин харц Ιедална дуьхьал латтаре».- боху ХIашимис. Туркойн махкахь иза ведда къелхьара велира, Иракъера Ιедал кху шеран юьххьехь ша лацадоьлча.