Дерриг а дуьнентIера заьIапхой гулбеллера Лондонехь Паралимпийн ловзаршка, Шемахь а, Гергарчу Малхбалехь а адамашна тIехь ницкъ бар дIадоьдуш а долуш.
КIиран сурташ -- Гезгмашин-бутт 1-7

1
Молдовах дIакъаьстина Трансднестрия республика йозуш йоцуш хиларан де даздеш, тIеман парадехь дакъа лоцуш бу салттий. (Reuters/Gleb Garanich)

2
Пакистанерчу полисхоша чехош ву, Исламабадехь ша кхеле валош, гулбеллачу нахе мохь бетташ волу Къоран дагийна аьлла, керста йоI харцонца бехке йина волу, молла Халид Хафис. (AFP/Farooq Naeem)

3
Шемарчу Алеппо-гIалахь чевнаш хилла жима стаг ву къоьвлинчу туькана хьалха, метта вогIуш, хиина Iаш.(AFP/Achilleas Zavallis)

4
ГIажарийчура Мазандаран-провинцехь Сари-гIалана гена доццуш дарбанан хи моьлуш бу бахархой. (Fars)