Сана-шахьарахь, Йеменан коьртачу гΙалахь, Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалтна тΙелетта меттигера бахархой еарий дийнахь. Мохьмад-пайхамар аьшнаш веш Ιаьмеркарчу режиссера яьккхинчу киноно меттахбаьхначу бусулбанаша шайн оьгΙазалла дΙагойтуш, векалтан керта а лилхина, дохийна цуьнан кораш, ягийна машенаш. Полицино хиш детташ дΙасалаьхкира тΙелеттарш.
КΙахΙирехь а хилла и филм емал ен гулам. Цигахь а лаьттара къепе ларъеш меттигера полици. Къайленехь дуьсуш ду, Жуьгтийн махкара веъна Ιаьмеркахь вехачу режиссера а, бусулба мехкашкахь бехачу коптийн векалша а яьккхина бохуш юьйцу филм хьан, хΙун Ιалашонца яккхийтина.
Шинарий дийнахь Либерчу Бенгазехь цунна дуьхьал гΙевттинчу наха вийна Либехь Ιаьмеркан дипломаташна коьртехь Ιийна Стивенс Кристофер.