ПΙераскан дийнахь дуьнентΙерачу дуккхаъчу бусулба нахах лаьттачу мехкашкахьхΙиттира бусулба дин сийсаздеш Ιаьмеркахь яьккхинчу фильмана дуьхьал гуламаш.
Йеменехь Цхьанатоьхначу Штатийн векалтна тΙелата гΙерта гуламхой дΙасалохкуш, полицино хиш диттира нахана тΙе, ирх герзаш а кхуьйсуш. Ιедалан ницкъашца тасадаларш хилла Мисарахь. Филм пачхьалкхан дайшна хууш а, я цара магош яьккхина а яц, нийса дац Ιаьмерка бехке яр, бохура нахе меттигерчу Ιедалша.
Индонезерчу Цхьанатоьхначу Штатийн векалтна хьалха, Джакартехь а гулвелира, «ХΙаллакьхуьлда Ιаьмерка» маьхьарий а детташ, маситта бΙе филмана резавоцург.
Иштта масситта бΙе стагах лаьтташ яра овхΙанхойн Джалабадехь вовшахкхетта тоба. Эзарнаш гΙажарой баьхкинера ТехΙеранерчу протестан гуламе а, хьалха ваьлла аятолла Хаменеи Ιела а волуш.