ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламаш дар алсам даьлла Шемахь



Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонаш талхор толлучу комиссин куьйгалхочо Пинейро Пауло Сержиос дIахьедар дина, Шемахь жигаралла гойтуш бу кхечу пачхьалкхашкара экстремистийн тобанийн декъашхой аьлла.

Цунна хетарехь, царах цхьаберш Шеман оппозицех дIакхетта, цунна тIеIаткъам бан дагахь. Пинейрос дийцарехь, адамийн бакъонаш талхор алсам даьлла цу пачхьалкхехь кху тIаьхьарчу масийтта кIирнах.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонаш талхор толлучу комиссин куьйгалхочо кечдинчу рапорт тIехь аьлла ду, гIаттамхоша динчул алсам тIеман зуламаш дина Iедалан ницкъаша а, церан агIончаша а аьлла.
XS
SM
MD
LG