ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бенгазехь Iамеркахошна тIелатар динарш хилла Ал-Кхайдин декъашхой


Кху беттан 11-чу дийнахь Либерчу Бенгази-гIалахь дина тIелатар теракт яра, амма иза хьалххе кечйина яцара аьлла, дIахьедар дина Iамеркан "Терроризмаца къийсам латточу къоман центран" директоро Олсен Мэтьюс. Кхаарин дийнахь конгрессан декъашхошна хьалха вист хуьлуш, цо билгалдаьккхира, иза хьалххе план яьккхина доцу, амма хьал чолхе даьккхина долу тIелатар дара аьлла.

Олсена хаам бира, цхьаболу цу тIелатарехь дакъалаьцна болу нах Ал-Кхайдица уьйраш йолуш бу аьлла. Хьалхо Либин Iедалша дIахьедар динера, Iамеркан векалаллина тIелатар динчу наха пайда эцна «Бусулбанийн бехк цахилар» цIе йолчу филмана дуьхьал хиллачу демонстрацех, шаьш дагалаьцнарг чекхдоккхуш аьлла.

И тIелатар дар бахьана долуш Бенгазехь вийна Iамеркан Либехь волу векал а, кхин а кхоъ Iамеркахо а.
XS
SM
MD
LG