ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масех стаг вийна Пакистанехь


Ши стаг вийна Пакистанехь, Пешевар олучу гIалахь «Бусулбанийн бехк цахилар» филмана а, Францерчу журнало Мохьмад-пайхамар бех веш сурташ зорбане дахарна а дуьхьал хиллачу акцешкахь. Демонстранташа цIетесна шина кинотеатрна а, йохка-эцаран чоьнна а.

Полицино герз тоьхна къепедацаршкахь дакъалоцуш болчу нахана. Вийначу шина стагах цхьаъ ву меттигерчу телекомпанин белхахо. 15 стаг, шайна юкъахь кхоъ полицин белхахо а волуш, лазийна ву. Исламабадехь полицино дIакъоьвлина гIалин коьрта урамаш. Тасадаларш хилла Равалпинди олучу гIалахь а.

Дуьхьалонан акцеш дIайоьлхуш ю кхечу бусулбанийн пачхьалкхашкахь а.
XS
SM
MD
LG