ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьхьалонан акцеш совцуш яц Гуьржийчохь



КхоалгIа де ду Тбилисерчу набахтехь тутмакхаш хьийзор хьокъехь дуьхьалонан акциш дIайоьлху. Цу юкъахь дакъалоцуш бу эзарнаш бахархой. И скандал бахьана долуш, 10 стаг дIалаьцна Iедалша. Уьш бу коьртачу декъана гуьржийн набахтийн системан куьйгалхой.

Хилларг бахьана долуш, тIеххьара шен дарж дитинарг ву Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Ахалая Бачо. Гуьржийчоьнан президенто Саакашвили Михаила дIахьедар дина, Тбилисерчу набахтехь тутмакхаш хьийзор бахьана долуш, оьгIаз а, эргIад а вахана ву ша аьлла.


Шинарин дийнахь гуьржийн шина телеканало видео гайтира, Тбилисерчу набахтехь къайлах яьккхина йолу. Цу тIехь гуш ду набахтен белхахоша тутмакхаш хьийзош. И видео яьккхинарг ву, цу набахтехь болх беш хилла волу, Бельги-пачхьалкхе ведда волу Бедукадзе Владимир.
XS
SM
MD
LG