ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йохка йолийна iPhone 5


Apple корпорацин керла смартфон iPhone 5 йохка йолийна ПIераскан дийнахь цхьамогIа пачхьалкхашкахь. Австралехь а, Японехь а, ХIонконгехь а, Сингапурехь а Apple йохкаран офисашна хаьлха дуккха а адамаш гулделлера – эзарнаш нах бара сихха и телефон эца лууш.

Царна юкъахь вара леррина iPhone 5 эца Сидней-гIала вахана волу Apple корпораци коьллина волу Возняк Стив а. Apple керла смартфон йохка йолош ю Британехь а, Францехь а, Германехь а, Канадехь а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а. Оьрсийчохь иза йохка йолор ю ГIуран-баттахь.

Смартфонан керла модел дуьххьарлера iPhone ю, Apple корпорацин куьйгалхо Джобс Стив веллачул тIаьхьа арахецнарг.
XS
SM
MD
LG