ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицица тасадаларш хилла Тбилисехь



Полицина а, дуьхьалонан акцин декъашхошна а юкъахь тасадаларш хилла ПIераскан сарахь Гуьржийчоьнан коьртачу гIалахь, Тбилисехь. Демонстранташа доьхург ду чохьарчу гIуллакхийн министр хилла волу Ахалая Бачо набахте чуволлар.

Полицино бинчу хаамца, дIалаьцна ву полицино юстицин министраллана хьалха йинчу дуьхьалонна машенахь тIехвала гIоьртина волу 4 стаг. Дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, дуьхьалонан акцеш дIайоьлхуш ю Гуьржийчохь Тбилисерчу набахтехь тутмакхаш хьийзор бахьана долуш. Цунах лаьцна видео гайтинера кху деношкахь меттигерчу телеканалаша.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссино емал дина Гуьржийчохь адамийн бакъонаш талхор.
XS
SM
MD
LG