ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Грачев Павел бакъволу эпсар вара боху Евкуровс



КΙирандийнахь веллачу Грачев Павелах, бакъволу эпсар, аьлла, дага а лоцуш, кадам бина ша а Нохчийчохь тΙом бина лаккхара эпсар волчу ГΙалгΙайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бек.

Цо бахарехь, Оьрсийчоьнна тΙехь кхерам лаьттачу муьрехь, президентана Ельцинна накъост а хилла, лаьттина Грачев эскарийн коьртехь. Цо къелхьараяьккхина пачхьалкх йохарх, боху шен кадаман дешнашкахь Евкуровс.

Ткъа нохчийн агΙоно хΙун мах хадабо Грачевн и кхалхарца доьзна, хууш дац. Пхи шо хьалха эскаршкара мукъаваьллачу оцу инарлах лаьцна, и дийна волуш, емал веш дош олура Кремло Нохчийчоьнан коьрте хΙиттийначу куьйгалхоша. Цуьнан бахьана дара, массо а нохчаша шайн махкахь хьалхара тΙом болийнарг а, къиза и дΙабаьхьнарг а Грачев лоруш хилар. Ткъа кху деношкахь кадамаш бечийн декъахь хаавелла вац журналисташна Нохчийн администрацин куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Доккха сий а деш, Ιедалан дайша дΙавуллур ву Грачев Павел шинарий дийнахь.
XS
SM
MD
LG