ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТΙулгаш кхуьйсу тΙом бу Грецехь



Эзарнашкахь Грецин шахьара Афины-гΙалина чубаржийначу полисхоша бΙаьргех хидолучу газ юкъаяьккхина шайна дуьхьал тΙулгаш а, лелха шишанаш а кхуьйсучу гуламхошна. Ах бΙе эзар стага дакъалаьцна Ιедална дуьхьалбаьккхинчу протестан боламехь. Бахьана ду – Евроберто рогΙера ахчан декхар, 230 миллиард евро, шайн пачхьалкхана лург, Грецин Ιедало махкахь социалан а, кхийолу а харжаш лахйина хилар. Лакхадаьлла цигахь белхаш бацаран терахьаш, бахархошлахь совбевлла къехой.
XS
SM
MD
LG