ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Библи арадолу нохчийн маттахь



ТΙебогΙучу баттахь нохчийн маттахь довза йиш хир ю Библи. Шира грекийн а, жуьгтийн а маттера иза нохчийн матте доккхуш 15 шо хан яйъина Библи гочдаран институто. Тираж хир ю ши эзар. Хьалхо нохчийн матте даьхна ду «Руфь», «Дахар» цΙе йолу Инжилан дакъош а, массех пайхамаран жайнеш а.

Нохчийн хаа таро хир ю Дауд-паччахьан а, Муса, Яхьъя пайхамарийн а дахар керста дино муха дагалоьцу. Библи арадаккхаро кеп-кепара динаш леладечу нехан вовшех кхетар алсам даккха тарло, аьлла хета гочдархошна.
XS
SM
MD
LG