Францин Ιедало къовсаме яьлла хилла, махкахоша ло ял совйоккху керла бюджет тΙеэцна пΙераскан дийнахь. 30 миллиард еврона лахайоккху цо финансийн шеран дефицит. Доккхачу декъанна ял алссам яла тΙедоьжнарш бу дезачу цΙенойн долахой, иштта лахйина пачхьалкхан юкъарчу гΙуллакхашна ен харжаш а. Францин премьер-министра Айро Жан-Марка хаам бина, ял алсам лун ерш тΙех баккхий бахамаш болу нах бен а бац, аьлла.
Францерчу хьолахоша алссам лур ю ял