ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тасадаларш хилла Бишкекехь


Мел лаххара а 10 стаг лазийна Бишкекехь, гуламхойн а, полицин белхахойн а тасадалар бахьана долуш. ГIиргIизойчоьнан могашаллин министралло бинчу хаамца, дуьхьалонан акцин цхьаъ декъашхо а, шиъ полисхо а дIакхачийна дарбанан цIийне. Бисинчарна дарба дина цу меттехь.

Бишкекехь хиллачу дуьхьалонан акцин декъашхоша доьхург дара Канадерчу кампанин долахь йолу «Кумтор» олуш йолу дашо доккху меттиг Iедалан дола яккхар. Цу акцехь дакъалоцуш вара 800 гергга стаг. Царах цхьаберш чоьхьабовла гIоьртинера ГIиргIизойчоьнан Iедалан цIанна. Уьш дIасалохкуш полицино хецна бIаьргех хиш оьхуьйтуш йолу газ.
XS
SM
MD
LG