ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

50 миллион стаг хьожуш а волуш, теледебаташ дIаяьхьна Обамас а, Ромнис а


Хаьлхара дебаташ хилла Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь президентан дарж къовса кечлуш волчу Обама Баракан а, Ромни Миттан а. Цул тIаьхьа бинчу талламашца а догIуш, толам баьккхина Ромнис. Масала, CNN телеканало хаттарш дича гучудаьлларг ду хIора веаннах кхаанна Ромни Митт тоьлла хеташ хилар.

Клорадо-штатерчу Денверехь хиллачу дебаташка телевизионехула хьожуш вара 50 миллион стаг. Президентан харжамаш хир бу Iамеркехь Лахьан-беттан 6-чу дийнахь. И де тIекхачала кхин а шозза дебаташ дIахьур ю цу харжамашкахь дакъа лоцуш волчу Обама Барака а, Ромни Митта а.
XS
SM
MD
LG