ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIавелан цIе лелор ю ПрахIерчу аэропорто


ПIераскан дийнахь официала кепара ХIавел Вацлаван цIе тиллина ПрахIерчу Рузине олучу дуьненаюкъарчу аэропортана. ХIавел духхьара Чехословакин, цул тIаьхьа Чехин президент хилла ву. ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь цуьнан кхочур дара 76 шо.

ХIавел Вацлав - друматург а, эссеш язярхо а, хилла волу диссидент а –Чехословакин президент хаьржира цу махкахь бархатан революци хилча. 1993-чу шарахь дуьйна 2003-чу шаре кхаччалц Чехин президент вара иза.

ХIавел Вацлав вевзаш волу а, лоруш волу а бакъонашларярхо вара. Иза шега далуш дерг дерриг а дан гIоьртира тIемаш ловш болчу Нохчийчура бахархошна гIо дан. ХIавел велира стохка ГIура-беттан 18-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG