ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мьарша нах байарна дуьхьал марш ю дIахьош Пакистанехь


Iамеркан тIехь пилот воцучу кеманаша бомбанаш а, ракеташ а етташ нах байарна дуьхьал марш дIахьуш бу Пакистанехь оппозицин жигархой. И акци вовшахтоьхнарг ву Пакистанера оппозицин политик, вевзаш волу крикетах ловзархо хилла волу спортхо Iимран Хан.

Цуьнан декъашхой дагахь бу 100 гергга машенахь Исламабадера Къилба Вазиристане кхаччалц 400 километр некъ бан. Цу маршехь дакъалаца дагахь бара Iамеркера а, Британера а жигархой. Амма Пакистанан Iедало дIахьедар дина, шаьш и нах Къилба Вазиристане буьтур бац, церан кхерамазалла ларйеш аьлла.

Цу дуьхьалонан акцин декъашхой эргIад бахана бу, тIехь пилот воцучу кеманаша исламистийн позицишна ракеташ етташ, маьрша адамаш дайарна.
XS
SM
MD
LG