ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а тΙом кхайкхийна Къилбаседа Кавказехь




Оьрсийчоьнан антитерроран комитето кху беттан юьххьехь юха а тΙеман раж кхайкхийна ерриг а Къилбаседа Кавказехь. Нохчийчуьра тΙом чекхбалар дΙакхайкхош, 6 шо хьалха официалехь сацийна яра и раж. ГΙаттамхошца бечу тΙемашкахь юха а дакъалоцуш хир ду эскарш. Раж кхайкхорца Кавказе кΙира хьалха балийначу салтех хΙинцале вийна Дагестанехь а, ГΙалгΙайчохь а виъ, лазийна маситта. Эскарийн юкъарчу тΙеман Штаберчу хьостанаша билгалдоккху, Оьрсийчоь кху муьрехь лерина ю ма-хуьллу сиха Къилбаседа Кавказан лаьмнаш гΙаттамхойх дΙацΙандан, бохуш.
XS
SM
MD
LG