ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан-ГΙалгΙайчоьнан дозанаш гарадовлуш ду




Нохчийн а, гΙалгΙайн а къаьмнийн Ιедалша шаьшлахь, кхолагΙа декъахо а воцуш дΙахьор ду дозанаш дийцар, мехкийн куьйгалхоша Кадыровс а, Евкуровс а баьхнехь а, хΙинца Кремль ю цара къестамашна юкъаозош. ГΙалгΙайн Ιедалан комиссин куьйгалхочо, мехкан парламентан спикера Дидигов Мухарбека дΙакхайкхийна, шаьш шайн агΙор кечйина девлла дозакъасторан проект, иза шаьш Москох дΙа а кхачор ю, аьлла.

Оцу проекто къастош долу доза ду тахана нохчаший, гΙалгΙаший латтанех пайдаоьцучу меттигашца доьзна. Ткъа хууш ма-хиллара, Кадыровн гоно харцо ю, аьлла, дΙакхайкхийнера хьалхо, Ахькинчу-Борзана, Обаргийн-Юьртана, ГΙажарена гохара а, Таршхойн лаьмнашкара а латтанаш ГΙалгΙайчоьнан Ιедалша шайн юрисдикце дахар, аьлла. ГΙалгΙайн комиссино дина дΙахьедар ша муха туьду, Соьлж-ГΙаларчу Ιедало цкъачунна довзуьйтуш дац.
XS
SM
MD
LG