ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггаре дукха нах бу националисташкахьа Москох




Тахана харжамаш хуьлуш хилча, Москох-гΙалин парламентехь «Цхьааллин Оьрсийчоьнал» тΙаьхьайогΙуш хила тарлора шайн дукхаллийца оьрсийн националисташ. Иштта ду талламан юкъаралло Левада-центро бахархошлахь динчу зерийн жамΙ. 13 процент нах бу Москох националисташкахьа. Хаттаман терахьаша гойту уггаре а чΙогΙа къаьмнаш ца деза бахархой Москох хилар.

Иштта тΙаьхье ю Оьрсийчоьнан шахьарахь, «Тоьар ду Кавказ кхаба» цΙе а йолуш дΙахьочу гуламийн а, и санначу кхечу къаьмнашна духьалбаьхна дΙахьочу барамийн а.

Ала дашна, президент хоржуш хилча, Путинехьа шайн кхаьжнаш дΙалур бацара цигарчу 21 процент бахархоша бен.
XS
SM
MD
LG