ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Локшина Татьяна едда Оьрсийчуьра




Human Rights Watch цΙе йолчу дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн боламан декъан Москох йолчу филиалан куьйгалхочун гΙовс Локшина Татьяна дΙаяхана Оьрсийчуьра шена дуккхаза а цигахь кхерамаш тийсинчул тΙаьхьа.

Бакъду, дуккха а шерашкахь, къар ца луш, адамийн бакъонийн терго еш, Ιедалшца къийсаеллачу зудчо хаам бина, ша шена кхерамаш туьйсучех едда ца яхна ша хΙинца кхаьчначу Франце, аьлла. Цо бахарехь, цуьнна лаам бу шен цΙийнда веххачу Ιаьмерка дΙакхача. Амма Москох бакъоларъярхоша а, Локшинан наъосташа а тоьшалла до, иза махках ца яьллехь, ен сахьт а дацара, шераш хьалха байъина бакъоларъярхой а санна, бохуш.

Локшина Татьяна хΙинццалц жигара толлуш схьайогΙура шен уллера накъост хилла нохчийн бакъоларъярхо Эстемирова Наташин а, кхечу бакъоларъярхойн а, журналистийн а кхалхаран къайле.
XS
SM
MD
LG