ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьнан махкахо хилар юхадерзийна Иванишвилина



"Гуьржийчоьнан сатийсам" коалицин лидер волчу миллиардерана Иванишвили Бидзинина Гуьржийчоьнан махкахо хилар юхадерзийна цу мехкан президенто Саакашвили Михаила.

Гергарчу хенахь Гуьржийчоьнан премьер-министр хIотта мегаш ву Иванишвили. Цуьнагара Гуьржийчоьнан махкалла дIадаьккхинера Саакашвилин омрица, гуьржийн хилла ца Iаш, Францин а паспорт долуш ву иза аьлла.ТIаьхьо Иванишвилис дитира Францин махкахо хилар.
XS
SM
MD
LG