ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Удальцовн накъост набахтехь сацо лууш бу талламхой


Оьрсийчохь гIиттарш кечдеш хилла аьлла, Талламан комитето бехк кховдийна «Аьррохьара Фронт» боламан лидеран Удальцов Сергейн накъосте Лебедев Константине. Цунах лаьцна хаам бина талламан комитетан официалан векло Маркин Владимира. Лебедевн адвокато Волкова Виолеттас дийцарехь, талламхой доьхуш бу и стаг шайга набахтехь латта вайтар.

Кхаарин дийнахь Удальцов Сергейна а, кхин болчу а оппозицин куьйгалхошна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина шаьш аьлла, хаам бира Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Удальцов а, Лебедев а воцург, цу гIуллакхана юкъаозийна ву кхин а масийтта стаг. Гуьржийчоьнан Iедалан векалшца цхьаьна а кхетта, Москох къепедацарш дан кечлуш хилла уьш бохуш, чIагIдо талламхоша.
XS
SM
MD
LG