ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан кампани дIайоьрзуш ю Iамеркехь


Президентан харжамийн кампанин тIаьххьара мур дIабоьдуш бу Iамеркехь. Цхьаьнатоьхначу Шататийн президентан дарж къовсуш коьрта ши кандидат ву карарчу хенахь цу даржехь волу демократ Обама Барака а, Республикан партин цу харжамашкахь дакъа лоцуш волу Ромни Митт а.

Гергара денош царшимма дIахьур ду, хIоразза а хьангахьа кхаж таса беза ца хууш юсуш йолчу, Огайо а, Колорадо а, Айова а, Флорида а, Нью-ХIаьмпшир а, Висконсин а штаташкахь. Талламаш гайтарехь, цу штаташкахь хир долчу кхаж тасарх дозуш хила мега, Iамеркан керла президент мила хир ву бохург.

«Сэнди» дарц далар бахьана долуш юкъахяьлла кампани юхадIайолош Обама Барак цхьаьнакхийтира Висконсин а, Невада а штаташкарчу харжамхошца.
XS
SM
MD
LG