ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавров: Шемица йоьзна яц цхьа а къайле



Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министро Лавров Сергейс бахарехь, Оьрсийчоьной, Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штаташий цкъа а къайлене а диллина ца хьехийна Шемара Ιедал дохорах, я президентах Башар Асадах лаьцна. Иштта элира цо КъахΙирехь, шен пресс-конференцехь. Шемара конфликтна юкъа машар билла йолчу ойланца вахана ву Лавров Мисара.

Оьрсийчоь Шемарчу халкъаний, Ιедалний юкъадоьлла дов машарехь доьрзийла лууш ю, Кремло къобалбо массех бутт хьалха Женевехь пачхьалкхаша къадийна лаам – Шемахь ханна керла Ιедал кхоллар, билгалдаьккхира оьрсийн коьртачу дипломата. Цо бехкейира Малхбузе Шемарчу гΙаттамхошна тΙекарло еш хиларна.

Оцу юкъанна шаьш шемахой, аьлча а, гΙаттамхой, Къатарехь цхьанакхетар дΙахьош бу, шайн шашаха тΙемаш беш йолу тобанаш цхьанатохар дийцаре деш.
XS
SM
MD
LG