ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама Барак юха а президент хаьржина



ТIечIагIдаза долчу харжамийн жамIаша гайтарехь, Iаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан вуьсуш ву Обама Барак. 300 сов харжамбарам коллегера аз кхаьчна цунна, оьшуш болчу 270 кхожана дуьхьал.

Обамица къовсалуш хилла республиканхо Ромни Митт къера ву ша харжамашкахь эшар хиларна – шозлагIа а президент харжарца Обама декъал а вина цо.

Чикагохь шен агIончашка къамел деш, Цхьанатоьхна Штаташ кхиаран новкъара ер яц ша коьртехь а волуш, элира Обама Барака.
XS
SM
MD
LG