ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

3 гΙаттамхо вийна Хасу-Юьртахь



Хасу-Юьртахь йирзина Ιедалан ницкъийн леррина операци, хаам бо Дагестанерчу Талламан комитетан векалша. Кхо гΙаттамхо, шайца цхьа зуда а йолуш, вийна, боху хьостано. Хасу-Юьртахь гΙаттамхой Нурлаев Рамазан а, Кадымов Вадим а чохь волу цΙа дара гоне лаьцна. Чуьра бераш арадаха бина барт кхочуш хилла, амма бухабисинарш – кхо стаг – севцца герзаца дуьхьало еш. Йийна зуда Тутушева Замира ю. Ιедалхойх ца лазийна цхьа а.
XS
SM
MD
LG