Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин мухΙажирийн хьукмато тоьшалла до, Шемарчу тΙамах ведда, 9000 стаг кхаьчна Туркойчу, бохуш. Оцу хьукматан векалша хаам барехь, еарий дийнахь дукха адам дехьадаьлла Туркойн махка. Ткъа туркоша даржадо, кху деношкахь Асад Башаран эскарера ведда, шайн махка 26 Шемин эпсар веъна, шайлахь ши инарла а волуш, бохуш.
Женеверчу мухΙажирийн хьукмато далочу терахьашца аьлча, оццу еарий дийнахь Урдунан а, Либанан а дозанах дехьаваьлла тховкΙело лохуш цхьацца эзар стаг. Ах миллионе кхоччуш ду Шемара бевддачу бахархойн терахь.