ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГΙажароша Ιаьмеркан дронаш йохийна



«ХΙаваэхула, хица, лаьттахула» арахьара шайна тΙевеъна мостагΙ ша дера човхор ву, дΙахьедо ГΙажарийчоьно. ГΙажаройн тΙеман кеманаша кΙира хьалха тохарш дина Персин хин-айман стигалахь нисделлачу герз доцчу Цхьанатоьхначу Штатийн дай кеманашна-дронашна, бохура, пΙераскан дийнахь Пентагонан векалша.

Оцу хьокъехь дара ГΙажарийчоьнан эскарийн куьйгалхочо Язаери Масхьуда дина дΙахьедар а.

ТехΙерано шен кегий кеманашна зе дарца доьзна резадацар дΙакхайкхийна Вашингтоно а. Пентагонан векалша хаам бина, шаьш кегий кеманашца Персин хин-айман тергояр дуьтур дац, аьлла.
XS
SM
MD
LG