Оьрсийчоьнан Роскомнадзоро шен Iаьржачу йозанна юкъатоьхна цхьамогIа интернет сайташ. Царна юкъахь ю Rutracker.org олу сайт а, "Либрусек" олуш йолу интернетан библиотека а, "Лукоморье" олуш йолу забарен энциклопеди а. Интернет сайташ дIакъовларна реза боцучу наха пикет дIаяьхьира Оршот сарахь Москох Оьрсийчоьнан зIенан министраллана хьалха.
Оршот дийнахь Москох прокуратуро интернет латточу компанина тIедожийра дуккха а нах байина волчу Виноградов Дмитрийн "ВКонтакте" олучу социалан машанехь йолу агIо дIакъовлар.
Оршот дийнахь Москох прокуратуро интернет латточу компанина тIедожийра дуккха а нах байина волчу Виноградов Дмитрийн "ВКонтакте" олучу социалан машанехь йолу агIо дIакъовлар.