ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь салти хьийзийна прапорщик чувоьллина, кхо шо хан а тоьхна


Оьрсийчохь, Приморьехь, кхо шо ах шо хан а тоьхна, чувоьллина эскарехь гIуллакх деш волу прапорщик. Цу стага, электрошокер а Iуьттуш, хьийзийна шен куьйгакъел гIуллакх деш волу салти.

Прапорщико, куьйгех гIоьмаш а тоьхна, телефонан серий тIе а тийсина, ток йиттина эскархочунна.

Цунна дина таIзар цу кепара мела хиларан бахьана ду, иза дохко а ваьлла, шен лаамехь прокуратуре веана хилар.
XS
SM
MD
LG