Дукха хан йоццуш Украинехь парламентан харжамашкахь харцонаш леларна шаьш саготта хилар хаийтина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Официалера болчу хаамашца, цу харжамашкахь толам баьккхинарг ю карарчу хенахь Iедалехь йолу Регионийн парти.
Украинан президентца Янукович Викторца телефонехула къамел динчу Iаьмеркан вице-президенто Байден Джос кхайкхам бина Украине, демократин кеп ларйийр ю аьлла, пачхьалкхо шена тIелаьцнарг кхочуш де, аьлла. Цул совнаха, Байдена кхайкхам бина Януковиче, кхелашка а ийзош, цхьаболу нах хьийзор дита, аьлла.