Газа-асанехь машар хIоттор Iалашонца, шайга далург дийра ду шаьш аьлла, дIахьедар дина Мисаран премьер-министро Кандил Хишама. ПIераскан дийнахь йоца визитаца иза хилира Палестинан территори тIехь. Газехь Мисаран премьер-министро кхайкхам бина кху дуьнентIерчу лидершка Израилан, цо ма аллара, агресси сацаяхьара аьлла.
Кандил Хишам Газехь волуш цу территорина т1е герзаш деттар сацон реза хилира Израил. ПIераскан буса жуьгтийн кеманаш бIаьннаш бомбанаш а, ракеташ а йиттина Газа-асане.
Палестинахойн векалша чIагIдарехь цхьана Кхаарин дийнахь Израило тохарш а дина вийна 18 стаг, шайна юкъахь бераш а долуш.