ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбалехь машар бан гΙерта политикаш



Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Клинтон Хилларис КъахΙирехь а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин хьалханчас Ги Мун Пана Рамаллехь а дийцарш дΙадаьхьна Палестинан автономин лидерца Ιаббас Махьмудца.

Газа-кΙоштахь жуьгташний, палестинахошний юкъахь иккхина тΙеман конфликт машаре ерзо гΙерта и ши политик. Ги Муна декхаре йина Палестинан Ιедалера ХΙамас-парти Израилна тΙе ракеташ еттар дита. ТΙаккха бен далур дац тΙом сацоран хьокъехь къамел жуьгташца, аьлла хета Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин куьйгалхочунна.

Политикаша барт лоьхучу юкъанна палестинахойх вийна 136 стаг, жуьгтех – 5. Кхаарий дийнахь Газа-кΙошта тΙе Израило 100 сов ракета тоьхна. 4 ракета кхоьссина Израилан агΙор ХΙамасан ницкъаша.
XS
SM
MD
LG