ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши шо хан а тоьхна, дIахецна Мирзаев Расул Москох кхело


Москох суьдхоша хан кхайкхийна ларамаза студент Агафонов Иван вийначу самбистана Мирзаев Расулана. Замоскворецкий кIоштан кхело, ши шо хан а тоьхна, маьрша ваьккхина иза Шинарин дийнахь.

Дуьххьара Мирзаев Расул бехке веш вара леррина стаг верна. Нагахь иза бакъ хиллехь 15 шо хан тоха мегаш яра цунна.

Амма ладогIарш дIадоьлхуш прокурораш реза хилира спортхочо Агафонов вер ларамаза нисделла бохучунна. Низамашца а догIуш, талламан изолятор чохь яьккхина йолу хан цхьа де шинна метта лоруш ду Оьрсийчохь. Ткъа Мирзаев Расула цу чохь баьккхинарг бу 15 бутт. И бахьана долуш иза дIахецна кхел дIаерзарца.
XS
SM
MD
LG