ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

30 стаг вийна Димашкъехь



30 стаг вийна Димашкъехь, ши эккхийтар а дина. Цунах лаьцна хаам бина Шемарчу пачхьалкхан а, оппозицин а хаамийн гIирсаша. Иттаннаш нах чевнаш йина бу. Шеман SANA олучу официалан хаамийн агенталло дийцарехь, Димашкъан малхбалерчу кIоштIахь и эккхийтарш динарш бу «террорахой».

Малхбузерчу хаамийн агенталлаша дийцарехь, тIаьхьарчу деношкахь Димашкъана гонаха тIемаш дара доьлхуш. Шеман коьртачу гIалан малхбалехь йолчу Джарамана-кIоштахь бехаш бу коьртачу декъана керстанаш а, друзаш а. Цигахь долу хьал караэца цу кIошта хьовсийна полицин ницкъаш.
XS
SM
MD
LG