ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юккъерчу Азера 11 белхалочунна кхачанах дIовш даьлла Иркутскехь


Иркутскехь Юбилейный олучу поселкехь, кхачанах дIовш а даьлла, дарбанан цIийне охьабехкина цигахь гIишлош еш болу белхалой. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Шинарин дийнахь госпитале вигинарг ву 11 стаг.

Царах шиъ вочу хьолехь ву. Карахь болчу хаамашца, кхача кечбеш волчу стага, гал а ваьлла, туьхан метта юучух тоьхна хилла натрин селитар. ДIовш даьлларш бу Юккъерчу Азера баьхкина аьржа белхаш беш болу пекъарш.
XS
SM
MD
LG