ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буданов Юрий вер хьокъехь йолчу кхелехь къастийна бехккъасторхой


Буданов Юрий вер хьокъехь йолчу кхелехь дакъа лацийта бехккъасторхой хаьржина яьлла Москох гIалин суд. Цу коллегина юкъахь ву 12 стаг. Кхин а 11 стаг ву хаьржина, оьшуш меттиг балахь а аьлла.

Бехккъасторхой хоржуш дакъалоцуш бара цу процессехь дакъалоцуш болу берриг а декъашхой. Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, и нах харжар дIадахара къевлинчу рожехь.

Буданов вийна аьлла, дIалаьцна ву нохчийн къомах волу Темерханов Юсуп. Кхелан хьалхара кхеташо хир ю тIебогIучу ГIура-беттан 3-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG