ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израило палистинахойн латтанаш тIехь хIусамаш яр емал дина Iамерко


Малхбалерчу БайтIалкъуддусехь а, Урданан Малхбузерчу Бердехь а Израило жуьгташна хIусамаш яр емал дина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Iамеркан пачхьалкхан секретаро Клинтон ХIилларис цу хьокъехь дIахьедар дина, Израило лелош дерг догIуш дац, израилхошна а, палестинахошна а юкъахь машар бан гIерташ лелош долчуьнца аьлла.

И дIахьедар дина Клинтона Вашингтонехь ладугIуш Израилан арахьарчу гIуллакхийн министр Либерман а, тIеман министр Барак а волуш. Палестинахойн латтанаш тIехь жуьгташна 3 эзар хIусам ян дохку шаьш аьлла Израилан векалша дIахьедар дина Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло Палестинин цу организацехь йолу статус лакхаяьккхинчул тIаьхьа.
XS
SM
MD
LG