Мисарарчу массех дозуш доцчу а, оппозицин а газето дΙасацийна зорбане дийлар. Иштта ю цара махкахь конституци тΙеэцаран болх демократин новкъах хаьдда аьлла хеташ гойту резадацар. Лаххара 8 газетано дΙалакъийна шайн болх. Кхаарий дийнахь оцу зорбан хьостанашна тΙекхетта шен гайтамаш совцорца масситта телеканал а. Оппозици кечлуш ю президентна Мурси Мохьаммадна дуьхьал рогΙера протестан гуламаш хΙитто.
Доллучунна а бухахь ду, Мурсис шен бакъонаш сов а йохуш, конституцино луш хилла цхьайолу маршонаш бахархошкара шен сацамца дΙахедор. ТΙеэца кечъечу конституцин проект референдумехь йийцаре яре кхойкху Мурсис шен махкахой кху беттан 15-чу дийнахь.