ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буданов ша ца вийна чIагIдо Темирхановс



Буданов Юрий верца доьзна Москох-гΙалин кхело шолгΙа де ду дов листа долийна. Полковник Ιийнарг вийначул тΙаьхьа зуламхо къайлаваьлла ларалуш йолчу машенан да левира суьдхоша кхаарий дийнахь.

Зулам динарг а, Буданов вийначул тΙаьхьа оцу Мицубиси Лансер машенца къайлаваьлларг а нохчо Темирханов Юсуп ву я вац къасто дезаш ю кхел. Устрадахочунна Темирхановна тΙехьош болу бехк бу эскархочунна бекхам беш и вер а, низамехь а доцуш герз лелор а. Амма цо тΙе ца оьцу шена иза.

Левинчу машенан дас шен машен ша вехачу цΙенна хьалха лаьттачуьра ядийна хилла Буданов вуьйчу дийнахь, амма иза шена полицино зΙе тоьхча бен а ца хиира, боху.

Нохчийчохь хьалхара тΙом боьдуш, харцонца ночхийн йоΙ ерна бехке вина, даржах а вохош, набахте хьажийра танканийн полкан куьйгалхо лаьттина Буданов Юрий. Вийра иза набахтера хеназа араваьккхина дукха хан ялале. Нохчийчохь тΙом боьдучу заманахь эскархоша шен да вер доькхуш вийна иза Темирхановс, аьлла бу талламчаша цунна тΙебаьхьна бехк.
XS
SM
MD
LG