ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Танканаш кийча ю мисархой дΙатебан



Мисаран тΙеман дакъош танканашца арадевлла КъахΙирехь президентан цΙенна гонаха гулбелла нах дΙасалахка. Кхаарий дийнахь а, буса а цигахь чуьччагΙертачу президентан Мурси Мохьмадан агΙончаша а, дуьхьалончаша а вовшех вийна лаххара а пхи стаг, лазийна бΙеннашкахь.

Нах кегаршка кхачийнарг ду керлачу президента Мурсис бахначу баттахь, шен кара алссам бакъонаш а оьцуш, бахархошкара конституцино луш хилла маршонаш сацамца дΙаяхар а, тΙеэца кечъечу конституцин проектна массо а нах резабацар а.

Стохка президент Мубарак Хьосни а вохош, революци йирзинчул тΙаьхьа хилла а бацара хΙинцалеранаш санна баккхий гуламаш а, нехан вовшахлетар а.
XS
SM
MD
LG