Мисарарчу оппозицино мехкан бахархой протесташка бовла кхайкхина пΙераскан дийнахь. Бахьана ду оццу дийнахь КъахΙирехь президента Мурси Мохьаммада ша-шеггара кховдийна йолу конституцин проект юьллур ю кΙира даьлча референдуме, аьлла, дΙахьедар. Оппозина хетарехь, Мурси низаме яккха гΙерта халкъера бакъонаш дΙайохуш йолу конституци.
Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацехь адамийн бакъонийн терго ечу декъан лидерна Пиллей Навина а хета оцу проектехь демократица ца догΙу сакхташ ду аьлла.
Проектца доьзна Мисарахь кху деношкахь лилхинчу гуламашкахь велла 7 стаг, лазийна бΙеннаш.