Журналист Политковская Анна ерна бехкебечех цхьамма, Махмудов Рустама, чуделла арз толлур ду Оьрсийчоьнан коьрта шахаьарарчу кхело ГΙуран-беттан 17-чохь. Дов толлуш, ша набахтехь кхаба торучул а дукха кхобу, аьлла ду и арз. И хаам бина Махмудовн адвоката Тренина Дарьяс.
Нохчийчуьрчу тΙамах лаьцна Ιедалшна ца товш артиклш ша болх бечу «Керла газетехь» арайохуш лелла Политковская ерна бехке хиларх зуьйш ву пхи стаг – вежарий Рустам, Жабраил, ИбрахΙим МахмудовгΙар а, Гайтукаев Лом-Ιела а, Хаджикурбанов Сергей а.
Низамо стаг 18 баттахьчул сов кхел йолаяларе сатуьйсуьйтуш набахтехь ца латтавойту, аьлла ду адвоката дина арз.